1954 шо
ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
ХӀокху версица йолу хийцам бина кепаш я файлаш хьажаза ю.
ЧӀагӀъелла верси хьаьжна яра 2016, 7 март.
Шераш |
---|
1950 · 1951 · 1952 · 1953 — 1954 — 1955 · 1956 · 1957 · 1958 |
Итта шераш |
1930‑гӀа · 1940‑гӀа — 1950‑гӀа — 1960‑гӀа · 1970‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларг[нисъе | нисъе чухулара]
- Соьлжа-гӀалахь П. Мусоров цӀарах йолу майданехь хьайиллина Граждански тӀеман турпалхойн памятник (1954 шеран 6 ноябрь)
Оцу шарахь бинарш[нисъе | нисъе чухулара]
- Абаев, Султан Шамсутдинович (1954 шеран 1 ноябрь) — нохчийн художник, Нохчийн Республикан а, Российн а художникийн тобанийн декъашхо, Российн Сийлахь художник;
- Ахмадов, Рамзан Аюбович (1954 шеран 30 май) — хелхархо, хореограф, «Даймохк» ансамблан кхоллархо а, куьйгалхо а, Нохч-ГӀалгӀай АССР Халкъан артист, Российн Халкъан артист, Нохчийн Республикан культуран министран хьалхара когаметтаниг;
- Бицираев, Сайдхусейн (1954 шеран 30 январь) — Нохчийн Республикан Сийлахь художник, Российн Сийлахь художник;
- Бексултанов, Муса Эльмурзаевич (1954 шеран 1 июль) — нохчийн яздархо, прозаик, Нохчичоьн а, Российн а яздархойн союзашан декъашхо, 2005 шарахь «Литература» номинацехь «Дашо бухӀа» совгӀатан лауреат, Нохчийн Республикан Халкъан яздархо;
- Халидов Айса Идрисович (1954 шеран 10 ноябрь) — филолог;
Оцу шарахь белларш[нисъе | нисъе чухулара]
- Кало, Фрида (1907 шеран 6 июль — 1954 шеран 13 июль), — мексикан художник, шен автопортреташ бахьнехь евзуш йолу;
- Матисс, Анри (1869 шеран 31 декабрь — 1954 шеран 3 ноябрь) — французийн художник а, скульптор а, фовистийн боламан лидер. Вевзуш ву шен эмоциш кепца а, босца а дӀагайта гӀерташ бина лехамаш бахьнехь.
- Ферми, Энрико (1901 шеран 29 сентябрь — 1954 шеран 28 ноябрь) — гӀарвелла Италийн а, Американ а физик-теоретик а, экспериментатор а, квантан физикан бухбиллинчарах цхьаъ, физикан Нобелин совгӀатан лауреат (1938 шо).
- Тьюринг, Алан (1912 шеран 23 июнь — 1954 шеран 7 июнь) — ингалсан математик, логик, криптограф, информатика кхиарна боккху Ӏаткъам бинарг.
ХӀокху яззаман чохь хӀиттийна яц теман категореш.
Шу йиш ю проектан гӀо дан уьш карийна я кхоьллина яззаман тӀе тоха.
|